ТIекхочийла долу линкаш

Ши стаг лазийна Нохчийчохь


Нохчийчура ши вахархо лазийна Ханкалахь Шинарин дийнахь. И шиъ иккхина мини тIехь, эчиг лахьош волуш. Царшиннах цхьаъ вочу хьолехь ву. Меттигерчу полицин векалша бинчу хаамца, бохам хилларг ву ТIехьа Мартан кIоштара ши вахархо 26 шо долу Гильхаев Ахьяд а, 22 шо долу Ахматов Iалавди а.

Карарчу хенахь и шиъ Соьлж-ГIалин 9-чу дарбанан цIийнехь ву. Кавказский Узел интернет агенталло дийцарехь, 1994-чу шарахь дуьйна Нохчийчохь цу кеппара мини тIехь иккхина 4 эзар сов маьрша вахархо. Царах 2 165 стаг велла. Царна юкъахь ду 142 бер.
XS
SM
MD
LG