ТIекхочийла долу линкаш

Болгарехь дIасахецна министрийн кабинет


Болгарехь дIасахецна министрийн кабинет. Цуьнан бахьана ду махкахь масийтта дуьхьало акци хилар. Парламентана хьалха вист хуьлуш, премьер-министро Борисов Бойкос дIахьедар дина, ша кхин дIа дагахь вац полицин белхахоша могIарерчу бахархошна етташ а йолуш, Iедалехь болх бан аьлла.

Кху тIаьхьарчу масех дийнахь Болгарехь хилла цхьамогIа дуьхьалонан акци. Шинарин дийнахь масийтта стаг лазийна Софияхь хиллачу тасадаларшкахь. Ишттаниг хилла дацара цу пачхьалкхехь кху тIаьхьарчу 15 шарахь.
XS
SM
MD
LG