ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Закъалтхойх ахча доьхуш бу Нигерера пираташ


Нигерерчу пираташа 1 миллион 300 эзар доллар ахча дехна, шаьш закъалтана лецна болу хIурдахой дIахоьцург. Нигерин полицин векло бинчу хаамца, закъалтхошна юкъахь ву цхьаъ Оьрсийчоьнан махкахо а, кхоъ украинахо а, шиъ Индин махкахо а.

И нах дIалийцина пираташа КIирандийнахь, Байельс олучу штатана 65 километр генахь. И штат евзаш ю Нигерехь экспорт ян уггара дукха мехкадаьтта а, газ а йоккху меттиг санна.

Кху тIаьхьарчу хенахь цу пачхьалкхехь алсамдаьлла хIурдахой а, кхечу пачхьалкхашкара белхахой а дIалийцар. Иштта цхьана Чиллан-баттахь пираташа, ахча даккхар Iалашонца, пхоьазза лецна закъалтана нах.
XS
SM
MD
LG