ТIекхочийла долу линкаш

Онда эккхийтар дина Димашкъехь


Шеман коьртачу гIалахь Димашкъехь «Баас» партин коьртачу штаб-хIусаман хьалха иккхина, чу молха а диллина, кечйина хилла машен. Оппозицин жигархоша чIаIгдарехь, вийна 30 гергга стаг. Дуккха а нах чевнаш хилла бу.

И эккхийтар динарш «терроран тобанаш» ю аьлла, хаам бина пачхьалкхан зорбанан гIирсаша. Терроран тобанаш олу цара Асад Башаран режимана дуьхьал болчу гIаттамхойх.
XS
SM
MD
LG