ТIекхочийла долу линкаш

Iамеркехь кхо шо долу Кузьмин Максим валарх лаьцна хаамаш боьхуш ю Оьрсийчоь


Оьрсийчоьнан Инарлан прокуратуро информаци ехна Iамеркан юстицин министралле Iамеркерчу доьзало кхобуш хилла кхо шо долу Кузьмин Максим валар хьокъехь. Цуьнах лаьцна хаам бина прокуратуран векло Гриднева Маринас.

Кху деношкахь берийн бакъонашкахула Оьрсийчоьнан президентан векал волчу Астахов Павела дIахьедар динера и кIант велла, иза кхобуш йолчу зудчо Шато Лорас йиттинчул тIаьхьа аьлла. Ткъа Шатос дийцарехь, Максим велла карийна цунна, берашца ловза араваьллачул тIаьхьа.

Iамеркан лоьраша дIахьедар дина, кIант валаран бахьана билггала хууш дац шайна аьлла.
XS
SM
MD
LG