ТIекхочийла долу линкаш

Пакистанера тIемалойн хьалханча лаьцна овхIанхоша


ОвхIанистанан кхерамазаллин ницкъаша лаьцна Пакистанерчу «ТехIрике-э-Талибан» олучу тобанан тIемалойн хьалханчех цхьаъ волу Фагир Маулви Мухьаммад. Иза тIечIагIдина Пакистанан арахьарчу гIуллакхийн министралло.

Цу министраллан векло дийцарехь, Фагир дIалур волуш ву овхIанхоша Исламабаде. 2011-чу шарахь Фагир Мухьаммадан а, кхечу тIемалойн хьалханчийн а дов делира, цо шайн тоба Iедалшца маьрша дийцарш дIадоло дагахь ю аьлча.
XS
SM
MD
LG