ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

380 эзар евро харц ахча даьккхина Португалехь


Португалехь гучудаьлла 380 эзар харц ахча. Полицино бинчу хаамца, Порто-гIалахь леррина операци дIахьош схьадаьккхина иза. Рейд еш лаьцна 46 шо долу кхечу пачхьалкхера вахархо. Иза мичара ву а, цуьнан цIе а юьйцуш яц.

Полицин векалша дийцарехь, цара схьадаьккхина харц ахча вуно тера дина хилла баккъалла а долчух. Iаделша дийцарехь, харц еврош иттех шарахь лелаш хилла масех Европерчу пачхьалкхашкехь, шайна юкъахь Болгари а, Германи а, Итали а, Португали а, Испани а йолуш.
XS
SM
MD
LG