ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Махкал арахьа банкашкахь шайн чоьташ хиларна дуьхьал бу Оьрсийчура депутаташ


Iедалан белхахошна кхечу пачхьалкхашкахь банкийн чоьташ а, акциш а хилар доьхкуш долчу низаман проект тIеэцна Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думо. Билгалдоккхуш ду иза хьакхалуш хилар, Оьрсийчоьнан кхерамазаллех а, суверинитетах а лаьцна долу хаттарш тIеоьцуш сацамаш беш болчу нахах.

Ша аьлча, буьйцурш бу Пачхьалкхан Думан депутаташ а, Федерацин Кхеташонан декъашхой а. И дехкар хьакхалуш ду церан хIусамдайх а, хIусамнанойх а, ткъа иштта даккхий хиллачу берех а. И низам болх бан доладелчул тIахьа цера дезар ду шайн кхечу пачхьалкхийн банкашкахь йолу чоьташ дIакъовла.
XS
SM
MD
LG