ТIекхочийла долу линкаш

Нухажиев реза вац Москох кхелана


Буданов Юрий верна бехке веш волу Темерханов Юсупна тIехь еш йолу кхел хьокъехь леррина кехат яздина Нохчийчоьнан омбудсмено Нухажиев Нурдис Оьрсийчоьнан Лаккхарчу Кхелан гIантдега Лебедев Вячеславга. Цуьнах лаьцна хаам бина Нохчийчоьнан омбудсменан зорбан сервисо.

Цо дийцарехь, и кехат яздаран бахьана ду, Темерхановн адвокато Тренина Дарьяс яздина кехат. Цу тIехь Тренинас дуьйца, адвокаташна цкъа а ца хиллачу кепара IатIкъам беш бу бохуш. Нухажиевна хетарехь, Москох йоьдуш йолчу кхело гойтуш ду иза низамна а, нийса кхел ян йолчу адамийн бакъонна а тIехь ницкъ бар хилар.

Гуттар доьхнарг ду иза Оьрсийчоьнан коьртачу гIалахь Москох хуьлуш хилар аьлла хета Нухажиевна.
XS
SM
MD
LG