ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийн ши тIемало вийна ГIалгIайчохь


Ши стаг вийна Нохчийчоьнан дозанца йолчу ГIалгIайчоьнан Сунжа-кIоштахь. "Кавказский Узел" интернет ангенталло дийцарехь, и шиъ тIемало вара аьлла дIахьедар дина меттигерчу Iедалша.

РИА Новости агенталло бинчу хаамца, вийначу шиннах цхьаъ ву Нохчийчура Эха-Борзера вахархо Борчашвили Рустам. Важа мила ву билггала хууш дац. ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралан векалша дийцарехь, цуьнан фамили ю Лорсанов.
XS
SM
MD
LG