ТIекхочийла долу линкаш

Митингех лаьцначу низаман тIехь хийцамаш бина нохчийн депутаташ


Митингех лаьцначу низаман тIехь хийцамаш бина Нохчийчура депутаташ. Керлачу кепаца а догIуш, республикан бахархой бакъо ю митингаш а, буьйлабаларш а дIадахьа, леррина цу гIуллакхана къастийначу меттигашкахь.

Нохчийн парламентан зорбан сервисо баржийначу хаамца, депутаташа бинчу хийцамийн Iалашо ю адамийн бакъонаш а, маьршонаш а ларъяр.

Кавказский Узел-агенталло билгалдаккхарехь, кху тIаьхьарчу хенахь Нохчийчохь хилла яц цхьа а митинг а, я кхин йолу дуьхьалонан акци а.
XS
SM
MD
LG