ТIекхочийла долу линкаш

Хьашт дуй нохчашна бусулба мехкашкарчу тIемашкахь дакъалаца?

Шемахь а, кхечу бусулба мехкашкахь а тΙемаш беш нохчий бу бохуш, дуьненан зорбано дуьйцу ю дуккха а хан. Билггал тоьшаллаш дацахь а. Нохчийчу масситтаза кхаьчначу хаамашка а, цигахь юкъ-кара цΙерабевлла кегий нах берзош нислучу тезеташка а ладоьгΙча, бакъдолчунна герга долчух тера ду дуьйцург.

Оцу хиламашца дузу Маршо Радионо шен кху кΙиранан хаттар. Шуна муха хета, нийса дуй нохчий бусулба мехкашка тΙемаш бан эхар, деза дуй-те оцу тΙемашкахь кхалхар?

Хетачух лаций телефон тоха тхоьга. Горгали а баийтина, охаьйилла а мега телефон, тхо тхаьш девр ду шуьца зΙене. ПрахIе зΙе тухуш: код +420, лоьмар 724 01 9832.

СМС яийта а тарло тхан Москохарчу телефон тΙе – 8 926 23 60 4 65.

Хаттаран хьокъехь яздан йиш ю тхан сайте а: www.radiomarsho.com

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG