ТIекхочийла долу линкаш

Дайн латта юхадоьху аьккхаша


Дагестан -- Нохчаша юхадоьху шайгара 1944-чу шарахь депортаци еш дIадаьхна латтанаш, Новолакски кIоштахь гулам, 2012, гуьйре.

Дагестан -- Нохчаша юхадоьху шайгара 1944-чу шарахь депортаци еш дIадаьхна латтанаш, Новолакски кIоштахь гулам, 2012, гуьйре.

Дагестанерчу нохчаша шайн кΙошто лелош хилла нохчийн цΙе меттахIоттор а, цуьнан урхалла шайга схьадалар а Ιедална тΙедожадеш гулам латтабен ду 3 де. ХΙинжа-ГIалара Ιедалан векалшца цхьанакхетар а хилла церан. Шайн бакъонаш меттахΙиттаяллалц, шаьш акци сацор яц боху цуьнан декъашхоша.



Шайн йохийна бакъонаш хIинца мукъане а меттхIотторе саткьйсуш йолийна Дагестанерчу нохчаша и доьхьалонан акци. Новолакски олучу кIоште, шаьш бехачу боьдуш болу некъ цара дIакъевлина латтабен кхо де дели тахана. Доьхург ду, шайн дай баьхначу меттигашна хилла цIерш техкар а, и кIошташ шайн урхалле схьаялар а. Маршо Радиога оцу акцех лаьцна дийцира оцу кIоштан вахархочо Асхабов Салавдис.

Асхабов: « Митинган коьрта бахьана, вайна ма-хаъара, вайн къам дохийна кхаьбна хилар ду. Дохийначу къаьмнашна реабилитаци йо аьлла, гIазгIумкашна Кунтаркалински кIошт а еш, нохчашна шайн яьрташ юха а луш, бакъонаш меттахIиттор ю элира.

И программа массийта шарахь тIехьатоьттуш латтайо. Таханлерчу дийне схьадеана и гIуллакх. Кегирхойн коьрта кхайкхамаш хIун бу - кIошт хIокху шарахь юхаметтахIоттор а, массо а нохчийн яьрташна нохчийн цIерш юхаялар а. Белхан меттигаш а яц, нохчашна каралуш яц кIошт. Латтанаш ду духкуш. Суьйлий бу кхъуза охьаховшош».

Дуьхьалонан акцин декъашхоша ХIинжа-ГIалара коьрта Iедалш тIедехнера шайна, дагадовла. Ала догIу, Дагестанан ша коьрте хIоттале, Абдулатипов Рамазана дIахьединера, шена Кавказехь къаьмнийн юкъметтиг дукха дика евза, цундела и дарж шений бен хьакъ дац, аьлла. Нехан сайтисамаш бузу цуьнца а.

Делкъал тIаьхьа митинган хьалхабоьвлчаьрца къамел дан баьхкира коьрта Iедалера векалш. Асхабов Салавдина а, кхечу нохчашна а халонга даьлларг ду шайгахь болу и бала цхьанхьа а тергонехь цахилар.

Асхабов: « КхозлагIа де ду гулам дIабоьду. ХIинжа-ГIалара бахкинчаьрца цхьанакхетарехь бу и митинг вовшахтоьхнарш. Новолакскехь, некъаш къаьстачохь лаьтташ бу тхан нах. Цхьана а хаамийн гIирсийн бала бац тхоьца. ГIалара журналисташ а бац кхузахь бала болуш. «Грозный» телевиденера а мегара ма дара кхуза бахка. ХIара лазам болу дукха а хан ма ю. 1944-чу шарахь дуьйна нах цIа берзанза ма бу. Iамеркахь цхьа жима бер делча а, цуьнан терго-м ма йо оьрсийн Iедалша».

Пачхьалкхо репрессеш йинчу нахана реабилитаци ечу низамца дозу Дагестанерчу нохчаша дуьйцург. И низам кхочуш до шаьш аьлла, Iедалша нохчийн лаьттанаш тIе охьхьовшийна хилла болу гIазгIумкий, ХIинжа-ГIалин йистехь меттиг а елла, ахчанаш а луш, цIенош а деш, дIакхалхо болийнера. Амма сацийна и болх.

ДIабоьлхучу гIазгIумкаша дукха хьолехь цIенош суьйлашна дIадухку. Шайна хIун гIоле ю шайн латта тIе гIазгIумкий дIа а бахана, суьлий оьхьаховшар, хоьтту оьгIазбахначу нохчаша. Иза Iедалшна ца хууш да ца до.

Дьхьалонан акце гулбелларш дукхахберш кегий нах бу. Нагахь санна шаьш бохург ца дахь, гIуллакх муха доьрзур ду а ца хаьа царна.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG