ТIекхочийла долу линкаш

Бирзина президентан харжамаш шеконе боху эрмалоша



Эрмалойчохь кΙира хьалха хиллачу харжамашкахь Саркисян Серж махко президент хаьржина хилар официалехь дΙакхайкхийна цигарчу харжамийн комиссино. Цунна 58 процент сов кхаьжнаш кхаьчна. Цуьнца къовсалуш хиллачу Эрмалойчохь арахьарчу гΙуллакхийн министр лаьттинчу Ованисян Раффигахьа ца тесна кхаьжнаш 37 процент бен. Иштта бу комиссин хаам.

Амма Ованисянан агΙо реза яц харжамийн жамΙашна – деношкахь цара гуламаш хΙиттийра мехкан маситта гΙалахь. И тайпа акцеш кхидΙа а яржон лерина ву Ованисян, цо ша бахарехь.
XS
SM
MD
LG