ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Карор буй те Алматыхь ГIажарийчоьнца барт?



ГΙажарийчоьнан зарратан программин хьокъехь Алматыхь пачхьалкхаша дендолчу дийцаршкахь толаме сацамаш хиларе ша са ца туьйсу, аьлла, дΙахьедина Евробертан арахьарчу политиках жоп лучу Эштон Кэтрина.

ГΙажарийчоьнца бертан дийцарш дΙахьочу ялх пачхьалкхан – Ιаьмеркан Цхьанатоьхначу Штатийн, Ингалсенан, Францин, Оьрсийчоьнан, Китайн, Германин цΙарх ГΙажарийчоьнца юкъарло леладо Эштона.

8 бутт хьалха Москох цхьа а пайде жамΙ а доцуш йирзира дийцарийн тΙаьххьара раунд. ХΙинца Алматыхь ТехΙеранна, иза шен заррат герз кхолла йолчу Ιалашонах юхаялахь, кховдо кечдина хьелаш а ду бертан декъашхойн.

ГΙажарийчоьно даре ца до ша зарратан герз кхолла гΙерташ хилар, ткъа маьршачу дахарехь шена доьхкийла дац зарратах пайдаэцар, чΙагΙдо цо.

Барам болало Алматыхь кхаарий дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG