ТIекхочийла долу линкаш

«Шемин ДоттагΙий» гулбелира Римехь



Ιаьмеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн векала дуьххьара даредина шайн пачхьалкхо Шемахь президентан Асад Башаран Ιедал дохон гΙерташ тΙемаш бечу гΙаттамхошна кхачанца а, молханашца а гΙо до, аьлла. И хаийтира ша Римехь «Шемин доттагΙий» олучу мехкийн гонан векалшлахь вистхуьлуш пачхьалкхан секретара Керри Джона.

Вашингтоно оппозицина 60 миллиардна гΙо латтадо, элира цо. Асадан «хан чекхъяьлла, цо дита деза дарж», бохура Керрис. Римехь дийцарш доладалале иза цхьаьнакхийтира Шемарчу гΙаттамхойн лидерца аль-Хатиб Моазца.
XS
SM
MD
LG