ТIекхочийла долу линкаш

Бенедикт ХVI-чо байΙат дийр ду рогΙерчу Папина



ДуьнентΙехь бехачу 1 миллиард 2 бΙе эзар миллион католикийн лаамца шегара дарж дΙаэцначу стагна ша байΙат дийр ду, элира Риман Папас Бенедикт ЯлхитталгΙачо. Ша Ιодика еш, кардиналаш керла Папа бертахь харжаре кхайкхира цо. 85 шо кхаьчначу католикийн коьрта мозгΙара ша шегара меттиг юьту, бохура, могашалла галъяларца доьзна.
XS
SM
MD
LG