ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евзачу мейханан авторна кхел ю еш



«Талышан аз» олучу газетан редакторна, интернетехь маситта миллион стага ладоьгΙначу «Хьо мила ву, яхийта, маьрша гΙойла!» («Ты кто такой. Давай досвидания!») цΙе йолчу, азербайджанхойн мейхана кепехь йиш лекхначу Мамедов Гилална Бакох къевлинчу хьелашкахь кхел ю еш.

Иза бехке во Ιедало Азербайджанца доза долчу ГΙажарийчоьнна пайда кхачош шен махкана ямартло ярна а, къаьмнашна юкъа цим тасарна а. Еарийдийнахь цуьнан кхеле валийначу кхаа тешо юхаэцна хьалха иза бехке веш шаьш дийцинарг, чΙагΙдо Мамедов Гилалан адвоката Джавадлы Джавада. Цунна хетарехь, Ιедало харцо лелайо Мамедовца. Оццу ойланца бу тΙаьххьарчу хенахь маситтаза тутмакх дΙахеца бохуш гуламе бийлина меттигера нах а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG