ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эрдогана сионизм хьахорна реза бац



Шен пачхьалкх гΙайгΙане йоьжна хилар дΙакхайкхийна Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретара Керри Джона Туркойчоьнан премьер-министра Эрдоган Реджепа «сионизм адамаллина дуьхьал зулам ду» аларца доьзна. Иза Керрис элира ша Римера Туркойчу, Хонкара, воьдучу юкъанна.

Эрдогана Венехь кхаарий дийнахь бохура, «исламофоби адамаллина дуьхьал даьккхина зулам лоруш хила деза, сионизм а, фашизм а санна». И къамел «бодане а, харц а ду» аьлла дара еарий дийнахь Израилан премьера Нетаньяху Биньямина дина дΙахьедар.

Туркойчоь цхьаъ бен яцара бусулба мехкашлахь Израилца гергга юкъаметтигаш лелош, амма уьш а ю шеллуш, билгалдоху дуьненаюкъарчу хаамийн хьостанаша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG