ТIекхочийла долу линкаш

Стенна карзахваьлла Карзай?



ОвхΙанистанан президента Карзай Хьамида ерриг а пачхьалкхарчу ницкъашна тΙехь шен урхалла даржош сацам бина Ιаьмеркан Цхьанатоьхначу Штатийн ницкъаш махкахь ОвхΙанистанан массо а ницкъаллин урхаллаш яц шайца цхьаьна дагахь, бохуш, леткъамаш бечу юкъанна. Карзайс еарийн дийнахь шена юьззина муьтΙахь йоцу урхаллаш Ιораяха декхаре еш кхоьллина шатайпа тоба . Президента кхо бутт ло и гΙуллакх, кхочуш а дина, дерзон. Карзайн пресс-секретара Файзи Аймала бахарехь, Цхьанатоьхначу Штаташа къайлаха а, леррина а ницкъаш шайн махкахь кхолларна дуьхьал бохуш бу и барамаш. Иштта Ιаьмеркан ницкъаша кхоьллинчу дакъоша гΙело йо шайна тΙехь, бохуш, леткъамаш бо бахархоша, хаам бо Карзайн пресс-секретара.
XS
SM
MD
LG