ТIекхочийла долу линкаш

Австрига шаьш Кадыровга дIа цабалар доьху мухIажирша




Нохчийн мухΙажирийн гулам хилира Венехь, Австрин шахьарахь. Гуламхойн Ιалашо яра пачхьалкхе шаьш махках ца дахар деха. Маситта бΙе стаг вара акцехь дакъалоцуш, шайлахь нохчашна гΙортор еш бухара австрийхой а болуш.

Махкахваккха кечвинчу 100 стагах деношкахь 11 кеманца Москох охьавоссийна Австрино. Шайх верриг а цIехьахьажон кечвинарг 1000 стаг ву бохуш дуьйцура нохчаша гуламехь. И болам шайна кхераме бу, шайх дуккха а нах Нохчийчоьнан Ιедалера яьнйолчу къизаллах кхоьру бохуш ю мухΙажирша шайн гуламера Австрин Ιедале хьажийна петици.
XS
SM
MD
LG