ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагадовларш дIахьош бу Сербин а, Косовон а премьераш


Евроберто юкъарло а лелош, дагадовларш дIахьош бу Сербин а, Косовон а премьер-министрш. Дачич Ивицас а, Тадич Хашима а, ткъа иштта Евробертан арахьарчу политикехула векал йолчу Эштон Кэтрина а дийцаре дина Косовон къилбаседехьарчу регионахь бехачу србийн а, албанхойн а юкъаметтигаш тоярх лаьцна долу хаттар.

Цигахь бехачу сербаша къобул еш яц албанхойх лаьтташ йолу Iедалан урхаллаш. Белград лууш яц Косово йозуш йоцу пачхьалкх хилар къобул дан.

Косовоно ша Сербех маьрша хилар дIакхайкхийна 2008-чу шарахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG