ТIекхочийла долу линкаш

Москох лаьцна кхо жигархо


Москох ЦIен Майданахь лаьцна аьрроагIор ницкъийн кхо жигархо. Iедалша бакъо елла йоцу акци дIаяьхьна цара Иверски олучу кевнехь. И кхо стаг дIавигина «Китай-город» олучу чоьхьарчу гIуллакхийн декъе.

Цу наха шаьш, гIоьмаш а тоьхна, кевнех дIа а тийсина, баннер айина хилла «долой царя Путина» аьлла тIе а яздина. 10 минот яьлча уьш дIалийцина полицино.

Цхьа шо хьалха Зазадоккху-беттан 4-чу дийнахь Оьрсийчохь хилира президентан харжамаш. Цигахь толам баьккхира Путин Владимира.
XS
SM
MD
LG