ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемарчу гIаттамхошна гIо дан дагахь ю Iамерка


Шемарчу гIаттамхойн аьттонаш алсамбаха хьовсур ду шаьш аьлла, дIахьедар дина Iамеркан пачхьалкхан секретаро Керри Джона. Цо дийцарехь, царна герз дахьийта дагахь яц Вашингтон.

Оршотан дийнахь цхьамогIа Iаьрбийн пачхьалкхийн куьйгалхошца цхьаьнакхетначул тIаьхьа Iамекан Пачхьалкхан секретаро Керри Джона а, Саудин Iаьрбийн Пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн министр волчу принца Аль-Фейсал Сауда а билгалдаьккхира шемахойн шайн дахар лардан бакъо хилар.

Сауди Iаьрбийн Пачхьалкхо а, цу регионерчу кхин а цхьамогIа алссам мехкадаьтта доккхучу пачхьалкхаша а гIортор йина Шемарчу сунитийн гIаттамна. Асад Башаран режим тIетоьвжуш ю шен бертахочунна ГIажарийчоьнна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG