ТIекхочийла долу линкаш

Сталин велла 60 шо кхачар дагалаьцна Москох


Советан Пачхьалкхан диктатор Сталин Иосиф велла 60 шо кхачна тахана. Иза Советан Пачхьалкхан куьйгалхо хилла 1924-чу шарахь дуьйна 1953-чу шарахь шарахь ша валлалц. Оьрсийчоьнан Коммунистийн партин жигархоша зезагаш дехкина Москох ЦIен Майданахь долчу Сталинан коше.

Цу партин лидеро Зюганов Геннадис дийцарехь, цу акцехь дакъалоцуш бара шуьйра халкъан-патриотийн ницкъийн векалш. «Яблоко» парти кхоьллинчу Явлинский Григорис дIахьедар дина, Сталина зуламаш дина хилар даре дан деза пачхьалкхан тIегIантIехь аьлла.
XS
SM
MD
LG