ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьхьалонан акциш дIахьош ю оппозицино ГIиргIазойчохь


Масийтта гIалахь дуьхьалонан акциш хилла ГIиргIазойчохь. Цуьнан декъашхоша доьхург ду оппозицин цIарах волу парламентан кхо декъашхо дIахецар. Джалал-Абадехь митинган декъашхоша дIахьедар дина, оппозицин лидерш маьрша баххалц дIасадевр дац шаьш аьлла.

Демонстрацеш дIахьош ю Ошехь а, Караколехь а. «Ата-Юрт» олучу партин лидерш Ташиев Камчибек а, Джапаров Садыр а, Мамитов Талант а дIалецна стохка ГIадужу-баттахь Бишкекехь хиллачу демонстрацехь. Царна бехке дуьллург ду махкахь къепе йохо гIортар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG