ТIекхочийла долу линкаш

Кхерамаш туьйсуш ю Къилбаседа Корей


Къилбаседа Корейно кхерам тесна, шен мостагIашна, хьалххе зарратан ракетийн тохарш дийра ду шаьш аьлла. Еарин дийнахь цу пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедар дина, Iамерка зарратан тIом боло герга яхана и бахьана долуш Пхеньян кийча ю агрессоран позицишна хьалхе тохарш дан йолчу шен бакъонах пайда эца аьлла.

Хьалхо Къилбаседа Корейно дIахьедар динера 60 шо хьалха Корейхь хилла тIом берзош бина барт бохор бу шаьш аьлла. Пхеньяно дийцарехь, цуьнан бахьана ду Iамеркан а, Къилба Корейн а эскарш цхьаьна тIеман Iамораш дан дагахь хилар.
XS
SM
MD
LG