ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иракъ юхаметтахIоттор ледара дIахьош ду


Иракъ юхаметтахIоттош Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа къахьегаро жамIаш ца деана. Цуьнах лаьцна дуьйцуш ду и пачхьалкх меттахIотторехула волчу лерринчу инспекторо Боуэн Стюарта Конгрессана кечдинчу рапорт тIехь. Цу документо билгалдоккхуш ду Иракъана реконструкци ян кху тIаьхьарчу 10 шарахь 60 миллиард доллар делла хилар.

Амма махкахь къепе а ца хIоьттина, къелла а ю. Иракъан лидерша а даре до Вашингтоно цу хьокъехь хоьгуш долу къа эвсара ца хилар. Иштта, Боуэна дицарехь, Иракъан премьер-министро Аль-Малики Нурис аьлла, Iамерко мохк юхаметтахIотто делла ахча кхечу хьашташна дайина аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG