ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемарчу оппозицина техникаца гIо дан долийна Британино


Британин арахьарчу гIуллакхийн министро ХIейг Уильяма Кхаарин дийнахь дIахьедар дина, Шемарчу оппозицин тобанашна гIагIдиллина желеташ а, гIагIдиллина машенаш а хьажо дагахь ду шаьш аьлла.

Цо дийцарехь, Лондоно дийриг тIеман хьашташ кхочуш дар дац, Асад Башаран режимаца къийсам латточу гIаттамхойн синош лардан гIортар ду. Британино хIинцале а елла Шемарчу оппозицин ницкъашна 14 миллион доллар барамехь электрогенераторш а, зIе латтон гIирс а.

Чиллан-баттахь Iамеркан Пачхьалкхан секретаро Керри Джона дIакхайкхийра Шемарчу оппозицина 60 миллион доллар дала дагахь ду шаьш аьлла. Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралло далочу терахьшца, цхьа миллион сов стаг махкахваьлла Шемахь конфликт йолаелчул тIаьхьа. Царах ах хиллал бераш ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG