ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сеулаца бина берташ бохо сацам бина Пхеньяно


Къилбаседа Корейно дIахьедар дина, Къилба Корейца тIелетар дийр дац аьлла, шаьш бина берриг а берташ боха бо шаьш аьлла. Цуьнан бахьана шайна дуьхьал керла санкциш кхайкхор ду боху Пхеньяно.

Къилбаседа Корейно дIакъевлина Панмунджом олуш йолу герзаш доцучу зонехь йолу дозанехула чекхволу пункт. Хаамийн гIирсаш дийцарехь, ПIераскан дийнахь Къилбаседа Корейн лидер Ким Чен Ын хилла 2010-чу шарахь Къилба Корейн гIайренна даккхийн герзаш диттинчу тIеман декъехь.Цо кхайкхам бина шайн эскархошка, мостагI юхатоха кийча хила аьлла.

Еарин дийнахь Цхьаьанакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Кхерамазаллин Кхеташоно керла санкциш кхайкхийна Пхеньянна дуьхьал, цо Чиллан-беттан 12-чу дийнахь зарратан герз зер бахьана долуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG