ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Интернетан Iуналла дан лууш ю Оьрсийчоь а, Китай а, ГIажарийчоь а


Интернетан тIехь Iуналла дар чIагIдан лууш ю Оьрсийчоь а, Китай а, ГIажарийчоь а, кхин а масийтта пачхьалкх. Цуьнах лаьцна дIахьедар дина Iамеркан Пачхьалкхан департаментан инновацешкахула коьрта хьехамчо Росс Алекса. Цо дийцарехь, интернетан тIехь контрол латто оьшуш йолу технологеш эца миллиардаш долларш духкуш ю и пачхьалкхаш.

Росса дийцарехь, ГIажарийчоьно цу хаттарехь жигаралла гайта йолийна 2009-чу шарахь махкахь президентан харжамаш хиллачул тIаьхьа. Уьш харц бу аьлла араяьллера оппозици. И бахьана долуш, дуккха а дуьхьалонан акциш хилира цу махкахь.

Росс Алекса дийцарехь, Вашингтон дуьхьал ю интернет маьрша хилар дохо гIертарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG