ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маьрша бахархой байина Кабулехь


Мел лаххара а 9 стаг вийна ОвхIанистанан коьртачу гIалахь Кабулехь, тIеман министраллана хьалха эккхийтар а дина. Кхин а 3 стаг чевнаш хилла ву. Царна юкъахь ву ши эскархо. Цуьнах лаьцна хаам бина Кабулерчу полицино.

И эккхийтар дина, ОвхIанистанехь визит дIахьош Iамеркан тIеман министр ХIейгл Чак а волуш. Эккхар хуьлуш иза кхечу меттехь хилла.

И тIелатар шаьш дина аьлла, дIахьедар дина тIалибаш. Церан векало МуджахIид Забиуллаха дийцарехь, тIалибаш гайта лууш хилла, муьлххачу а хенахь Кабулана тIелатар дан шайн ницкъ хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG