ТIекхочийла долу линкаш

Дуьхьалонан акцеш дIайоьлхуш КъахIирехь


Дуккха а адамаш дакъа а лоцуш, дуьхьалан акциш дIайоьлхуш ю Мисаран коьртачу гIалахь КъахIирехь. Адам арадаларан бахьана ду Порт-Саидехь стохка къепедацарш лелийначу нахана йина кхел.

Зорбанан гIирсаш дийцарехь, КъахIирехь «Аль-Ахли» олучу меттигерчу футболан клубан агIончаша, цIе а тесна, ягийна Мисаран Футболан Ассоциацин штаб-хIусам а, полицин белхахойн клуб а. Порт-Саидехь хIурдан кеманаш дIасалелар сацо гIоьртина бIаьннаш духьалонан акцийн декъашхой.

Хьалхо Порт-Саидан стадионехь волелла аьлла 21 стагана вен кхел йира суьдхоша. Кхин а 5 стаг чувоьллина, велла дIаваллалц аьлла. Ткъа 19 стаганна хенаш тоьхна, 5-а шаран тIера 15 шаре кхаччалц набахтехь яккха. Стадионе хь къепедацарш хилар бахьана долуш вийнера 70 сов стаг.
XS
SM
MD
LG