ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Осмаев Адаман хIусамнанас зорбан-конференци дIаяьхьна Одессехь


Украина -- Окуева Амина журналисташна копи луш ю Осмаев Адаман динчу рогIера дIахьедаран, Киев, 17Деч2013
Украина -- Окуева Амина журналисташна копи луш ю Осмаев Адаман динчу рогIера дIахьедаран, Киев, 17Деч2013

Украинерчу Одесса гIалахь тахана зорбан-конференци дIаяьхьира оьрсийн президентана Путин Владимирна тIелатар дан кечлуш хиларна бехке вечу Осмаев Адаман адвокато а, бакъонашларъярхочо а Черток Ольгас а, Адаман хIусамнанас Окуева Аминас а.

РогIера зорбан-конференци вовшахтохаран бахьана довзуьйтуш, телефонехула Одессера схьа йистхиллачу Окуева Аминас дийцира:

Окуева Амина: Адаман дIахьедар бахьана долуш (вовшахтоьхнера) конференци. Цуьнан бехк-такхаман гIуллакх тIе цIе сиз хIаькхна. Вада кхераме ву бохург ду иза. Цхьана кепара бахьана дацара иза хIоттон. Раж ца йохийна цо (набахтера).ХIунда хIоттийна и сиз. Ша хьалха (талламхошна) делла тоьшаллаш керстадира цо Чиллан беттан I4 дийнахь хиллачу кхелан кхеташонехь. (Шена тIехь ницкъ беш даьхнера, аьлла). Ша мел дийцинарг керстадина цо. ХIинца дIахьедар яздина цо - вада дагахь вац ша, ша шена тоьхна, вала дагахь вац ша, аьлла.
Низамо ма-боххура, низаман бух тIехь ша бехках цIанвийр ву моьттуш ву ша, аьлла.
Нагахь санна шена цхьаъ хилахь, бехке ша вац, Iедал ду, боху цо. Iедалан белхахой - ФСБ, СБУ векалийн бехк бу аьлла цо.

Маршо радио: Цхьа а бух болу тоьшаллаш ца хиларна, гуш лаьтташехь кхел юхуш а, Осмаев Адаман гIуллакхна тIе тидам бахийтина Европера институцеш а хиларна, адвокатна а, цуьнан хIусамнанна а хетарехь, Адам вада гIерташ вийна я ша шена тоьхна, велла аьлла, жамI дезаш бу таллам.

Окуева Амина: Низаман бух тIехь цуьнан бехк хиларш тоьшалла дан йиш йоцуш бу уьш (кхел а, талламхой а). Иштта бахьанаш лоьхуш бу, цунна (Адамана) цхьа хIума дан гIерташ. Ишта ойла ю-кх тхан.


Маршо радио: Маршо радионо дагадоуьйту, Осмаев Адам даханчу шарахь лаьцна ву Украинехь, Одесса гIалахь. Оьрсийн президент хIетахь премьер-министр вара. Нохчийн тIемалоша дина омар кхочушдеш, Москох президентан машенийн ковра чекхйолуш эккхийтар дан кечлуш хиллера аьлла, бехк а кховдийна, набахтехь лаьцна латтош ву.
Осмаев Адаман хIусамнанас Окуева Аминас орца ца даьккхинехь, Янукович Виктора урхаллехь долчу, Москохана муьтIахь долчу Украинин Iедалан ницкъаша тоххара Оьрсийчоьне дIавелла хир вара. Ткъа цигахь, кхело оьшу жамI кхайкхийна, мел лаххара а, 20 шарана чувуллур вара.
XS
SM
MD
LG