ТIекхочийла долу линкаш

Газан биргIа юьллуш ю ГIажарийчоь а, Пакистан а


ГIажарийчоьно а, Пакистано а официала къобалдина ши пачхьалкх цхьанатухуш йолу газан биргIа ян йолор. ГIажарийн президенто Ахьмадинежад Махьмуда а, Пакистанан президенто Iела Зардари Асифа а урхалла дира, гIажарийн Шах Бахар цIе йолчу гIалахь дIаяьхьначу цу лерринчу церемонина.

ТехIрано чIагIдарехь, цуьнан агIора йолу биргIа йна яла герга ю. Ткъа Пакистанера 780 чаккхарма еха биргIа цхьана 2 шарахь йина ер боху Исламабадо.

Дуккха а тIаьхьаттина газан биргIа яро, шайн махкахь энерги кхачамбацарна гIли йийриг хиларх догйовха ю Пакистан.

Цхьанатоьхначу Штаташа шаь реза ца хилар хаийтина. Цара варе дина, ГIажарийчоьнна дуьхьала яьхна санкцеш йохо тарло биргIа яро, аьлла.
XS
SM
MD
LG