ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Веллачу Магнитскийна тIехь кхел яр Зазадоккху-беттан 22-чу дийне теттина


Москохарчу Тверской кIоштан кхело тахана схьа а йиллина, циггахь дIакъевлина, юриста Магнитскийс ял дIа ца яларан гIуллакхца йоьзна кхел. Оьрсийн карарчу заман исторехь дуьххьара кхел ю иза веллачу стагана тIехь дIахьуш йолу.

Веллачу Магнитскийна тIехь кхел яр Зазадоккху-беттан 22-чу дийне теттина суьдхочо. Магнитскийн доьзал бацара цу кхелехь. И гIуллакх бух боцуш ду аьлла, цу кхелехь дакъа лаца реза ца хилла уьш.

2009-чу шарахь талламан изоляторна чохь велла ву, оьрсийн стоьлан дай 230 миллион доллар барамехь Iедалан ял дIа ца яларна бехке биначул тIаьхьа. И гIуллакх бахьанехь юкъаметтигаш телхина Москохан а, Вошингтонан а.
Даханчу шарахь Цхьанатоьхначу Штаташкахь керла низам тIеэцна, Магнитский верна бехке бечу стоьлан дайшна таIзар кхачош долу

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG