ТIекхочийла долу линкаш

Къилба Корейна тIом кхайкхон карзахъяьлла Къилбаседа Корей


Корейн тIом берзош, 1953-чу шарахь бина хилла машаран барт, шеггара керстабойла яц Къилбаседа Корейн. И аьлла дIахьедар дина Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацино. Къилбаседа Корейра Rodong Sinmun газето яздина ма-хиллара, Пхеньяно крестабина иза.

ХIора шеран коьртехь Къилба Корейно а, Цхьанатоьхначу Штаташа а цхьаний дIахьучу тIеман Iаморшна юьххьехь, ша Къилба Корейна тIелатар дийр ду аьлла дIахьедар динера Къилбаседа Корейно. Оццу дийнахь цо дIакъевлира шен Къилба Корейца долу доза. Дiахадийра Къилба Корейн Iедалца хилла массо тайпа зIе.

Чиллан бутт болалуш Пхеньяно заррат зераш динчул тIахьа ирделла Корейн ах-гIайренна тIехь долу хьал. Къилбаседа Корейна йолу санкцеш кхин а шагъйина Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацино.
XS
SM
MD
LG