ТIекхочийла долу линкаш

«Къинхетам боцу бекхам» бийр бу бохуш, кхерамаш туьйсу Къилбаседа Корейн тIеман министро


Цхьаьнийн тIеман Iамораш дIахьучу Къилба Корейна а, Цхьанатоьхначу Штаташна а «къинхетам боцу бекхам» бийр бу бохуш, кхерамаш туьйсу Къилбаседа Корейн тIеман министро. Таханлерчу министраллин дIахьедаро бахарехь, Къилба Корейно а, Цхьанатоьхначу Штаташа а дагахь латтон деза, тIом сацоран барт кхин дIа болх беш ца хилар а, Къилба а, Къилбаседа а Корейш вовше тIе ца латарца йихкина ца хилар а.

Къилбаседа Корейра Rodong Sinmun газето шинарин дийнахь яздинера, Пхеньяно керстабина, Корейн тIом берзош, 1953-чу шарахь бина хилла машаран барт, аьлла.
ХIора шеран коьртехь Къилба Корейно а, Цхьанатоьхначу Штаташа а цхьаний дIахьучу тIеман Iаморша каразахъяьккхина Къилбаседа Корей.
Чиллан бутт болалуш Пхеньяно заррат зераш динчул тIахьа ирделла Корейн ах-гIайренна тIехь долу хьал. Къилбаседа Корейна йолу санкцеш кхин а шагъйина Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацино.
XS
SM
MD
LG