ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойн закъалтхой дIахецна Курдойн белхан партин тIемалоша


Курдойн белхан партин тIемалоша дIахецна, шаьш шина шарахь Иракъан къилбаседехь закъалтехь латтийна хилла 8 турко. Закъалтехь нисвеллера 6 тIеманхо, цхьа полицин векал, цхьаъ Iедалан белхахо а.

«Дикачу амалан билгало» ю аьлла уьш маьршабахарх, Туркойчоьнан вице-премьеро Аталай Беширо. Туркойн набахтехь латточу курдой сепартистийн лидеро Оджалан Iабдуллас баханчу баттахь кхайкхам бинера девнан шина агIоне, лаьцна латтош болу нах мукъабаха, аьлла.

Туркойн Iедалшна а, цара террорахойн лоручу Курдойн белхан партина а юкъахь долу дов ткъе итт шарана гергга дахделла. Оцу юкъанна вийна 30 эзар стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG