ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ворхl килс ма е, буоберан дола де


Израил -- Къуьдсерчу Ширчу Гlалин Пен. Цу юккъехь гуш ду Ал- Aкхса маьждиг а. 22Заз2010
Израил -- Къуьдсерчу Ширчу Гlалин Пен. Цу юккъехь гуш ду Ал- Aкхса маьждиг а. 22Заз2010

Европе вада кхиънарг воккхавевеш, ца кхиънарг, «Дала мукълахь» бохуш, иза дан аьтто баларе хьоьжуш ехаш ю тахана Нохчийчоь. Нехан хьашташ кхочушдан декхар долу Iедалш, шайн дахар тоделча, массерниг а ишта ду моьттуш делахь, я кхечу бахьанна делахь, махкал арахьа маьждигаш дан дуьйладелла.

Таханлера Нохчийчура Iар-дахаран чот еш, иза ахкаме а даьккхина,вайнехан дахар жуьгтийн дахарца дуста а дуьстина,оза а узуш,мах хадош, цу дахаран хьесап дан кхетамболчу нохчех иттанна юкъахь цхьаъ а ца караво,шайн дахар токхе а,даладелла а лоруш.Кхузара наггахь нохчо а вац хьашт-дезарша хьулбина,декъаза лол бетташ,хене бовлуш эзарнашкахь вайнах а болуш,ткъаннаш миллионашкахь харж а еш,Iедалан коьртехь болчара Израил пачхьалкхехь маьждиг догIа хьашто яра аьлла хетарш.

Ма-дарра аьлчи, могIарерчу нахана и ахча шайн киснара схьа а даьккхина , хIинцца кху делан минотехь дIадалар тIедоьжча санна, вуно халонга долу Нохчийчоьнан Iедало цигахь, цхьана Яманан чIижехь, маьждиг дан долийна аьлчи а. И халонга далар доззане а доьзна дац жуьгтийн къоме цабезам я хьагI-гамо хиларца а. ХIан-хIа. Иза аьттехьа а дац. Вайнахана цигахь маьждиг догIар новкъадар доьзна ду, кху Нохчийчохь дан амал доцуш, гIоьналлин куьг кховдо бIеннашкахь, эзарнашкахь бахархой хиларца: тхов кIело йоцуш а, доьзална напха латто таро йоцуш а, молха эца сом доцуш, цомгаш-заьIапнаш а, ишта кхин дIа а.

Хийрачу махкахь догIа долийначу маьждиган хьокъехьмассарна ахIун хетта хаа хала ду,амма дукхахболчу бахархойн хьажам соьца къамел динчу Шелковск кIоштан вахархочун 55 шо долчу Сала санна бу.

Соьца къамел динчу Шелковск кIоштерчу вахархочун Салачух тера ойла-хьажам берш, лакхахь ма-аллара, чот йоцуш дукха бу. «Тхан 6-7 эзар стаг вехачу Бена-юьртахь - боху Теркйист кIоштан цхьана вахархочо, сан чIагIо ян йиш а йолуш а, чохь Iа лортIехь хIусамаш йоцуш, юучуьнца-молчуьнца а, бедаршца а Iаламат ледар хьал долуш, бала хьоьгуш, лаххара а цхьа бIе сов доьзал бу-кх. Тхан юртта-м ишта йоккха а яц.

Кхин а далатоьхна хьал долуш ярташ дукха ма ю.ТIаккха церан багара а даьккхина, царна эшам а беш, дIо-о кхечу пачхьалкхехь маьждигаш дечохь ду вайгара хьал? Шайн цIе яьккхичхьана, неха-м садалахьара бохург ду-кх, кхин кIадда а дац». Цу кеппара къамел до, шен цIе хьуламехь латто лиъначу могIарерчу вахархочо.

Кхечарна гIодар, гIийлачух къахетар, гуттар адамашлахь лелла а, вайнахана дош хетта а хIуманаш ду боху могIарерчу нохчаша. Дделахь царна ца товриг ду Нохчийчоь токхонан а, ирсан-зовкхан а мохк хила, кхузахь патIар баьтта дахар дIахIоьттича санна сурт хIиттор а, кепаш лелор а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG