ТIекхочийла долу линкаш

Зазадоккху-беттан 19-чу дийнахь керлачу дарже воккхур ву Бергольо Хорхе


Дерриг дуьнентIера политикан а, динан а лидерша къобалдина тIеэцна Римера керла Папа харжар.

Ватиканехь дIахьучу конклавехь, шолгIачу дийнахь дIабаьхьначу харжамашкахь билгалвелира Аргентинера 76 шо долу кардинал Бергольо Хорхе Марио.

Рима-католикан килсанехь дуьххьара хIоьттина Папа ву иза Латин Iамеркера схьаваьлла а, иезуит а волу. Бергольо Хорхес шена Франциск цIе схьаэцна.

Харжамийн жамI гIарадакхалц Везачу Петран цIарахчу майданахь гулбелла хилла иттаннаш эзарнаш католикаш къобал а бина, ша воьхуш, доIанаш дар дийхира керлачу Папас.

ТIедогIучу шинарин дийнахь, хIокху беттан 19-чу дийнахь керлачу дарже воккхур ву Бергольо Хорхе.

Экспертийн хьесапехь, керла Папа волуш, хIара бу аьлла баккхий хийцамаш хир бац Рима-католикийн килсанехь. Оццу хенахь, къелла а, харцо шен боккхачу тидамехь латтор ю Ватикано, боху цара.
XS
SM
MD
LG