ТIекхочийла долу линкаш

Европе къаста ца делла - ло я ма ло Шемарчу гIаттамхошна герз боху хаттар


Шемарчу президентан Асад Башаран режимана дуьхьало ечу Шеман гIаттамхошна шайн пачхьалкхаша герз латторца боьзна сацам къастийна ца баьлла Европан Барт.

ТIедогIучу кIирнахь Дублинехь дагадовларш дIахьур ду Европан Бертан арахьарчу гIуллакхийн министрша. Цара юха а дийцаре доккхур ду, Шемарчу оппозицина герзана эмбарго латтаяр кхин дIа а оьшуш ду я дац, боху хаттар. И аьлла дIахьедар дира тахана, Брюсселехь шина дийнахь хилла саммит чекхяьллачул тIаьхьа Европан Кхеташонан куьйгалхочо ван Ромпей ХIермана.
Шемахь Iедална дуьхьала гIаттам болабелла ши шо кхачар цхьанасиделира, Брюсселерчу цхьанакхетарца.

Францино, Британино а эмбарго дIаяккха боху. Цунна дуьхьала болчарна юкъахь Германи а ю.

Саммитехь вистхуьлуш, Францин президента Олланд Франсуас элира, шемахой бойуш парггIат хьоьжуш Iойла дац Европан. Ткъа цу пачхьалкхан президент дагахь вац, дахделла дов политикан некъашца дерзон.
XS
SM
MD
LG