ТIекхочийла долу линкаш

8 тонна оьккхург кхерамаза яьккхина ОвхIан-мехкан лерринчу ницкъаша


ОвхIан-мехкан лерринчу ницкъаша кхерамаза баьккхина ондда оьккху гIирс.
ОвхIанан Къоман Кхерамазаллин урхаллин векало ТIахIири ШафигуллахIа бинчу хаамца, хIара кIира долалуш бархI тонна оьккхург чохь йолу, йоккха кира лелон машен карийна хилла дIахIоттийна, Кабулана малхбалехь.
Леррина операци дIахьуш велла, теракт кечъеш хила тарло ши стаг. Кхин а ши стаг лаьцна.

Оцу кепарчу бомбано цхьа чаккхармий, ах чаккхармий гонаха дийна цхьа хIума дуьтур дацара аьлла билгалдаьккхира ТIахIирис. Цо дийцарехь, «Ал-Кхайдица» уьйр йолу «Хаккани» тоба а, Пакистанехь туп тоьхна болу тIалибаш а бу и теракт ян Iалашо хилларш.
XS
SM
MD
LG