ТIекхочийла долу линкаш

Кассетийн бомбанаш кхуьйсу шен махкахошна тIе Шеман режимо


Оппозицица къуьйсучу Шемара режимо сих-сиха лелайо кассетийн бомбанаш. Оцу хьокъехь дIахьедар дина дуьненаюкъарчу адамийн бакъонашларъяран Human Rights Watch организацино.

Цо динчу хьесапца а догIуш, тIаьхьарчу 6 баттахь Iедалан ницкъаша пачхьалкхан бIе сов кIоштахь 156 кассетан бомба кхоьссина. ТIемаш дIахьучу меттигашкахь бинчу талламийн жамIашна а, наха шайггара интернете ехкинчу видеошна а тIе тевжина бакъонашларяърхой, шайн рапорт кечдеш.

Human Rights Watch организацин хьалхалерчу рапортехь билгалдаьккхинера, и кассеташ Оьрсийчохь йина хилар. Ша Оьрсийчоьно, дуьненахь лелор дихкина йолу и кассетийн бомбанаш Нохчийчура тIемашкахь шуьйра лелийна.

Зазадоккху-беттан 15-чу дийнахь ши шо дуьзна Шемахь Iедална дуьхьала гIаттам болабелла. Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин хьесапехь, Шемарчу девнехь велла 70 эзар стаг. 4 миллион стаг шайн хIусамаш дIа а тесна, махкара ведда.
XS
SM
MD
LG