ТIекхочийла долу линкаш

Вайнехан лаьмнашкахь цIий Iена юха а



Массех кΙира ду Ιедалан ницкъаша ТΙехьа-Мартанан а, луларчу ГΙалгΙайчуьрчу ГΙалашкана а, Даьттахна а гонахарчу хьаннаш чу яьккхий тоьпаш етта. Нохчийн а, гΙалгΙайн а полицин хьостанаша хаам бо, шайна шина мехкан дозанерчу лаьмнашкахь тΙемалой лаьтта меттиг а карийна, и хΙаллакйина бохуш. Оцу меттигашкахь Кавказ-Имаратан куьйгалхо Умаров Докка а хила тарло, чΙагΙдо Ιедалан хьостанаша.

Шоьтан дийнахь полицино бинчу хаамца, 7 гΙаттамхо вийна Даьттахна гергарчу хьаннашкахь. Ιедалан ницкъаша яккхий тоьпаш йиттинчу оццу хьаннашкахь хΙоьънех яккхий чевнаш хилла хьонке вахначу шина бахархочунна.

Ширачу ТΙехьа-Мартаннна гергахь хиллачу тΙематасадаларехь шайн цхьа накъост лазийна бохуш бу Нохчийчоьнан полицино оршот дийнахь баржийна хаам.
XS
SM
MD
LG