ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь химин герз юкъадаьлла




Шемарчу Ιедало а, цигарчу гΙаттамхоша а вовшийн бехкобо Алеппо-гΙалина гергахь химин герзах пайдаэцарна. Пачхьалкхан Сана-агенталло хаам барехь, 25 стаг велла, иттаннаш лазийна цигахь шинарий дийнахь. Шемин Ιедалан телевизионо дарбан цΙа гайтира, цу чуьра нах химин герзо лазийна Ιохку, аьлла. ГΙаттамхоша иза бакъ дац, химин тΙелатар динарг президентан Асадан эскар ду, боху.

Венехь куп тоьхначу дуьненаюкъарчу химин герзаш дехкаран хьукматан куьйгалхочо Узюмджю Ахьмада шегахь яц боху йозуш йоцчу агΙонера бакъйолу информаци. Оьрсийчоьнан арахьарчу гΙуллакхийн министралло даржийна, зуламе ду химин герз гΙаттамхойн каракхачар, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG