ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхеле ийзаво велла волу Магнитский



Оьрсийчоьнан Талламан комитето берзийна ша юрист Магнитский набахтехь кхалхар толлуш беш хилла болх. Цо дΙахьедар даржийна, Магнитский догΙуш чу а воьллинера, цигахь 2009-чу шарахь дог могуш дацарна иза вала а велла, аьлла.
Талламчаша бахарехь, Магнитскийс 230 миллион доллар ахча шен доладерзийнера бохуш хьалха яржийна хилла информаци бакъ яц.

Магнитскийн гергарнаш хьалха а санна шайнчун тΙехь буьсу, цара цунна набахтехь йиттинера, къелвисича цигарчу хьакамаша а, лоьраша а цхьа а гΙо ца дина, боху. Массех де даьлча кхел ю кхелхинчу Магнитскийна тΙехь ян йолош. Цо, ял дΙа ца яла, Ιедалх хьулдина хилла шен хьал, аьлла гΙаттийна и кхел.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG