ТIекхочийла долу линкаш

Иракъехь "даздина" тIеман 10 шо



Ιаьмеркан эскарша Иракъехь тΙом болийна 10 шо дузар билгалдоккхуш БагΙдадехь массех эккхийтар дина. Лилхина бомбанех юьйлина машенаш, нахана тΙе диттина герзаш. Полицино хаам барехь, лаххара а 50 стаг велла, 150 лазийна. Иракъехь диктатор Хьусайн Саддам вохийна 10 шо кхаьчнехь а, чорда бу цига боссийна машар. Вовошахлиэта кест-кеста суннаташ а, шиΙаташ а.
XS
SM
MD
LG