ТIекхочийла долу линкаш

Финансаш ца карайо Кипрна



Кипрехь чΙагΙлуш ду финансийн кризисах хьалха яла цунна новкъарло ен хьелаш. Цхьаъ делахь, парламентан депуташлахь барт ца хилла Европан юкъаралло ма-хьоьхху махкарчу банкашкахь наха латточу ахчанна тΙе ял йожо – оцо хилийта тарлора кризис ерзон оьшу 10-13 миллиард евро. ШолгΙа делахь – банкашкара шайн ахчанаш Ιедале хье ца дайта гуламашка бевлла хьийза Кипран бахархой.
КхозлагΙа дерг – Оьрсийчоь цкъачунна реза ца хилла Кипрна юхалург ахча дала.

Евробертахь коьрта декъашхо йолчу Германин финансийн министр Шойбле Вольфганг реза вац Кипран парламентна а, Ιедална а мохк халчу хьолера боккху некъ ца карорна. «Кипрхой кхетош, цхьамма дийца ца деза хΙоьттина хьал ма-дарра! –цецвуьйлу Шойбле.

Кхаарий дийнахь, Путинан го шайга ахча дала реза ца хилча, оьрсийн килсан дайшка а тΙехь гΙо доьхуш вара Москох веъна волу Кипран финансийн министр Саррис Михалис.
XS
SM
MD
LG