ТIекхочийла долу линкаш

Курдашка тIом битар доьху Оджалана



1999-чу шарахь дуьйна набахтехь валлочу курдийн хьалханчас Оджалан Ιабдуллас Туркойчохь шаьш герзаца латтаен дуьхьало сацоре кхайкхина шен боламера бΙаьхой. Цаьрга Курдистанан Белхалойн Партин лидеро яздина дехар дΙадийшира Туркойчоьнан малхбалерчу Диярбакыр-гΙалахь гуламехь курдойх волчу парламентхочо.

Махкахь демократин хьелаш хΙуьттуш ду, боху Оджалана шен кхайкхамехь.

Кху 30-ттех шарахь лаьтта Туркойчохь курдаша Ιедалшна дуьхьал шайна суверенитет йоьхуш гΙаттийна къийсам. ТΙематийсадаларшкахь велла курдийн гΙаттамхойх 40 эзар гергга стаг.
XS
SM
MD
LG